День чеченского языкаХилалаш соьца! Со холчу х1оьттинчохь! (Алиева Имани 7-г1а класс)
Нохчийн къоман хазна ю нохчийн мотт. Бераллехь дуьйна 1амабо и нанас шен берана. Ненан деган йовхонца 1ема шен ненан мотт бийца. Дуьненахь суна уггаре ч1ог1а оьшург сан нохчийн мотт бу. Цуьнан оьздачу г1иллакхаша, 1адаташа чулоцу сан дахаран хир болу некъ. Нохчийн матто шен дешнашца дуьйцу хьо муха хила веза. Г1иллакх, г1уллакх, яхь, собар, майра хилар, и ша дерриге а вайна хьоьхуш, вайна хьехар деш, церан чулацамах лаьцна вай кхетош берг Сийлахь нохчийн мотт бу! «Ткъа и нохчийн мотт вайна схьабелхош, схьахьоьхуш, шега мел болчу ницкъаца вайн и марзбан г1ерташ ерг мила ю?»-хаттар сайга дича, ас майра жоп лур ду: «Иза хьо вина, хьо кхиийна хьан хьомсара нана ю». Нанас, дас бер дуьненчу доккху, жима долуш дуьйна иза кхиа а до. Цу заманчохь дуьйна, цу шиммо марзбо цу берана и мотт. Т1аккха дас, нанас, соьга хаьттича, йоккха меттиг д1алоцу и мотт цу берана бовзийтар т1ехь. Оцу беро шен нохчийн мотт лоруш а, безаш а ца хилча, х1ун дог ойла хила еза оцу мискачу ден-ненан? Муьлхачу а стага шен ненан мотт ца ларахь, цуьнца билгалдолу цо шен да-нана лоруш ца хилар. Амма цу стеган цу шен маттаца уьйр хилахь, гуш хуьлу и стаг ша нохчий хиларх воккхавеш вуйла, х1унда аьлча цо шена Дала белла, ша нохчо хилар къастош, шен мотт лорун Дела!
Сочинени язъйина МБОУ «ООШ с.Бекум-Кхаьлларчу 7- чу классера дешархочо Алиева Иманис.
|